Desharkho.Ru порталах пайдаэцар дешаран керлачу шарахь дуьйна хир ду

Нохчийн электронни ишколах (desharkho.ru) шуьйра пайдаэцар тӀедогӀучу дешаран керлачу шарахь дуьйна дӀадолор ду.

Нохчийн меттан а, литературин а онлайн-урокаш дӀайахьарна леринчу оцу порталехь хьехархошна а, дешархошна а лерина дакъош хилла ца Ӏаш, дай-наношна лерина дакъа а ду.

Цуьнан гӀоьнца церан аьтто хир бу шайн доьзалхойн кхиарш довза а, ган а.

Проект йовзийтар дӀадаьхьна Нохчийн меттан институтехь.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: