Соьлжа-ГӀалахь дӀадаьхьира Нохчийн меттан де билгалдаккхар.
Цул сов, Нохчийн меттан де дӀакхайкхоран хьокъехьчу Указна НР-н Куьйгалхочо Р.Кадыровс куьг йаздина 15 шо кхачарна лерина а дара иза.
Д.Омаевн цӀарахчу даздарийн цӏийнехь хиллачу оцу цхьаьнакхетарехь дакъалецира НР-н Парламентан спикера М.Даудовс, Культурин министра Ӏ.Кадыровас, Къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министра А.Дудаевс, Дешаран а, Ӏилманан а министра Х-Б.Дааевс, Правительствон а, Парламентан а, муниципалитетийн а векалша, маьршачу бахархоша.
Ламасте дирзина ма-хиллара, уьш берриш а нохчийн къоман духарш а доьхна бара.
НР-н Куьйгалхочун Р.Кадыровн цӀарах маршаллин а, декъалдаран а кост М.Даудовс дӀадийшира.
Цул тӀаьхьа даккхий а, деза а совгӀаташ дира нохчийн мотт Ӏалашбарехь а, кхиорехь а доккха дакъалаьцначу меттан говзанчашна а, культурин гӀуллакххошна а.
Цхьаьнакхетаран чаккхе театран гайтамца хилира.