«Хиджабо хазйо»

IMGааа_4318

Иштта яра кху деношкахь М.Ю.Лермонтовн цIарахчу пачхьалкхан оьрсийн драматически театрехь жамIаш динчу Дуьненаюкъарчу шолгIачу конкурсан цIе.

Иза лерина яра АллахIа вайна совгIатана баийтина болчу фарз мархийн Рамадан бутт тIекхачарна. Цигахь дакъалаца йиш яра муьлххачу а къоман Ислам дин а, хиджаб а лелош йолчу зудчун. Конкурсе дакъалаца чуелла яра 400 сов заявка. Конкурс вовшахтоьхнера  Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а, Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца йолчу зIенийн департаменто.

Цу мехалчу цхьаьнакхетаре веанера Нохчийн Республикин Парламентан  Председателан заместитель Юсупов СаьIид,  Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон, Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца з1енаш латторан  департаментан директор Дадаев Ризван,  къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр Умаров Джамбулат,  культурин министр Дааев Хож-Бауди, кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитель Месербиев Садо, республикин муфтин заместитель Садаев Рамзан,  Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин Исламан университетан ректор Мутушев Iабдурахьим.

Конкурсан жамIаш дале хьалха вистхилира Дадаев Ризван:

– Тахана вай кхузахь цхьаьнакхетар мехала ду. Бусалба дино зударшна, зудаберашна билгалдина духар, цуьнан барам, хазалла, сийлалла вай йийцар боккха толам бу. Вай кхоьллинчу АллахIана хаьа, вай хIун духар лелон деза, вайгахь хIун духар товр ду (божаршкахь а, зударшкахь а). ДегI хьулдеш долу фарз духар зударийн сийдар, церан сий лардар ду. Дала зударшна билгалдаьккхина ду  ши куьг а, юьхь а бен гуш доцу духар.

Вайна юкъахь ду фарз кхоччуш доьхна дац, иза чIениг  йихкина дацахь боху хIуманаш. Ишттачу зудаберашна хаа деза, нагахь санна и чIениг къевлина а йолуш ламаз эцахь, чIениг гуш йолчу барамехь бен хи ца кхаьчний. Юьхь ерриге а гуш  хила езаш ю. Иза ийман сов хилар дац, иза адамех мелла а къаьсташ хила лаар ду. Фарз духар мода яц, Делах кхерар, дегI хьулдар ду, – элира цо.

Вай лакхахь хьахийна ма-хиллара, конкурсехь дакъалаца чуеллера 400 сов заявка. Царна юкъара толамхой билгалбаха атта дацара. Адамаша хIиттийначу лайкийн чот  тохаре хьаьжжина билгалбехира уьш:

– хьалхара меттиг яьккхира  Махамаева Асета, шолгIа – Цулаева Зураа, кхоалгIа – Исраилова Элинас.

Толамхой билгалбехира мехалчу совгIаташца. Цхьаьнакхетар дерзийра къоначу артисташа концертан программа гайтарца.

З.САГАЕВА

№ 68, шот, 20 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: