Узбекистанехь дӀахьочу промышленностан дуьненайукъарчу «INNOPROM. CENTRAL ASIA» гайтамехь дакъалоцуш йу нохчийн делегаци.
Нохчийн Республикин вице-премьер Хь.Хакимов а, Промышленностан а, энергетикин а министр А.Хакимов а, кхиберш а бу вайн делегацин могӀарехь.
Гайтаман гурашкахь дӀахьочу сессешкахь а, пленарин кхеташонашкахь а хилла нохчийн делегаци, иштта, кхаьчна химин индустриальни «Чирчик» парке а.
Цул сов, «Узтекстильпром» ассоциацин куьйгаллица цхьаьнакхетар а хилла.