Нохчийн бӀаьхойн «Ахмат» тобано (куьйг.: Алаудинов Апти) а, Луганскан Халкъийн Республикин Халкъан милицин 2-чу корпусан салташа а украинхойн бандеровцашна доккха тӀелатар дина.
Билггал аьлча, Южная йуьртарчу «Заря» завода тӀера дӀа а буьйлалуш, Воеводовка йуьрта кхаччалц йолу меттиг дӀацӀанйина цара.
И тӀелатар бахьана долуш, мостагӀна доккха зен хилла: хӀаллакйина тӀеман 7 техника а, 100 сов салти а.
Оцу хьокъехь хаам бина НР-н Куьйгалхочо Telegram чуьрчу шен каналехь.