Донецкан Халкъийн Республикехь къахьоьгуш хилла нохчийн лоьраш цӀабирзина.
Соьлжа-ГӀалахь уьш тӀелецира даздаран хьолехь.
Мариуполехь а, ДХР-н кхийолчу шахьаршкахь а цара медицинин гӀо-орца латтийра бӀаьхошна а, маьршачу бахархошна а.
Цул сов, Мариуполь дӀайолалучу майданахь нохчийн лоьрийн туш а лаьттира.