Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо Мархийн баттахь 80 доьзална керла хӀусамаш йайтина.
И хӀусамаш йина миска а, хала а бохкучу доьзалшна, доьзалехь заьӀапхой болчарна, и д.кх.а.
Царна, ма-дарра аьлча, йеккъа хӀусамаш йина ца Ӏа — чохь оьшучу йийбарца кхачо а йина, иштта, ков-керташ а, уьйтӀеш а тойина.
Telegram чуьрчу каналехь оцу хьокъехь хаам бинчу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхина и белхаш бар шен тергонехь латтийнарг Нохчийн Республикин вице-премьер Эдилов Ӏабдул-Керим хилар.