Чарлстон (США) шахьарехь йолчу килса чу а иккхина, герз детташ исс стаг вийна зуламхочо. Полицис цунна бехкевеш схьалаьцна 21 шо долу Iамаркахо Дулан Руф.
***
Шемахь тIом а, къепазалла а хиларца доьзна махках ваьлла виъ миллион сов шемахо, кхин а ялх миллион сов бахархой махкахула дIасакхелхина, кхерамза юрт, шахьар лохуш.
***
Мархийн беза Рамадан бутт карабеанехь а, шайн къизаллаш лах ца йина «Аль-Каидан» боламан Йеменерчу декъашхоша. ХIокху деношкахь йоккхачу къизаллица вийна цара СаIудийн Аравин ши вахархо.
***
Иракан къилба-малхбалехь болчу «иблисан пачхьалкхан» талорхошна ондда тохар дина Iедалан эскарша. Зуламхой шаьш хьалха дIалецна хиллачу меттигашкара юхабохуш бу.
***
Къилба Корейра хIора денна хаамаш кхочу MERS коронавирус хьакхаеллачеран барам алсамболуш хиларан хьокъехь. Цигара тIаьххьара кхаьчначу хаамашца 23 стаг кхелхина оцу цамгарх.
***
Желтойчоьнан декхаршна лерина Евросоветан рогIера кхеташо а сатийсинчу жамIе ца кхочуш чекхъяьлла. Делахь а оцу мехкан декхарийн хьокъехь долчу гIуллакхийн 30-гIа июнь кхачале цхьа йист яккха езаш ю.
***
Хонкарахула «Турецки потокца» Европе газ дIаяхийтарна Iаьржачу хIорда бухахула биргIанаш яхкар кху шеран июль баттахь дIадоло лерина ю «Газпром».
***
Дийцаре дар а доцуш, Евросоюзо пIераскан дийнахь кхин а яхйина ГIирминий, Севастопольний дуьхьал санкцеш яран хан.
***
Россин МЧС-н машенаша хIокху деношкахь Донецкан а, Луганскан а республикашка дIакхачийна рогIера гуманитарни гIо. Коьртачу декъана кхачанан сурсаташ ду уьш.
***
Тахана шен болх берзор бу Санкт-Петербурган дуьненаюкъарчу XIX-чу экономически форумо. Цигахь дакъалоцуш бара 62 пачхьалкхан векалш.
***
Россин Президента В.Путина хIокху деношкахь цхьаьнакхетарш дIадаьхьира Чинин, СаIудийн Аравин, Монголин, кхечу пачхьалкхийн куьйгалхошца.
№ 68, шот, 20 июнь, 2015 шо