Р.Кадыров: Светличное кӀотар бандеровцех дӀацӀанйина нохчийн бӀаьхоша

Луганскан Халкъийн Республикехь йолу Светличное кӀотар бандеровцех дӀацӀанйина нохчийн бӀаьхоша. Telegram чуьрчу шен каналехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цул сов, Нижнее кӀотарахь цхьацца каппаш а дӀалаьцна вайн бӀаьхоша.

И белхаш нохчийн бӀаьхоша куьйгаллехь инарла-майор Делимханов Шарип а волуш дӀахьош бу.

Царна гӀо-накъосталла деш бу Луганскан Халкъийн Республикин Халкъан милицин а, Россин Федерацин оборонин министерствон а салтий.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: