Электродвигателийн завод йан тарло Соьлжа-ГӀалахь

Экономикин шатайпанчу «Грозный» майданахь йан тарло электродвигателийн а, вакууман генераторан дӀайойъургийн а завод.

Оцу балхана 0,76 млрд ₽ харж оьшу, иштта, белхан 50 меттиг а кхуллур йу цо.

Цо арахоьцур болчу гӀирсех йолчу а, керла йийр йолчу а электростанцешкахь пайдаоьцур бу.

Йан тарлучу заводан хьокъехь хаам бинчу Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министра Шаптукаев Рустама хаийтина цунна йийр йолу харж 5 шарахь меттахӀуттург хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: