ХӀусамийн долахойн накъосталлаша а, урхалдаран компанеша а шайн болх баран гӀуллакх толлур ду Соьлжа-ГӀалин мэрис.
Ша дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь иза билгалдаьккхина пачхьенан мэран хьалхарчу заместитела Абдулаев Мансура.
УьйтӀешкахь а, дукхапетарийн цӀеношкахь а белхаш кхачам боллуш а, лаккхарчу тӀегӀанехь а бан безарна тӀе гулбеллачеран тидам бахийтина цо.
Оцу Ӏалашоне кхачархьама шайн болх жигарбаккха безаш хьал нисделла урхалдаран компанийн а, хӀусамийн долахойн накъосталлийн а.