ГӀезалойчохь дӀахьур ду Нохчийн культурин денош. И мехала гӀуллакх карарчу беттан 11-14-чуй деношкахь дӀадахьа лерина.
Хьалхарчу дийнахь нохчийн композиторийн симфонин музыка а, нохчийн халхар а, халкъан музыкин гӀирсаш а, даарш а довзуьйтур ду.
ШолгӀачу дийнахь «19-21-чуй бӀешерашкахь нохчийн искусство» аьлла гайтам схьабоьллур бу «Казанский Кремль» музей-заповедникехь.
Цул тӀаьхьа догӀучу дийнахь Даймехкан Сийлахь-боккхачу тӀамехь дакъалаьцначу нохчех лаьцна «Волки» спектакль гойтур йу Камалан театрехь.
ТӀаьххьарлера де «Вайнах» ансамблана а, Пачхьалкхан филармонина а, берийн симфонин оркестрана а лерина хир ду.