Муьлхха хIума а ма-дарра хилча атта хуьлу. Ткъа нийса доцург, хуьлда иза аьлла дош, дина гIуллакх, цхьа дагахь доццучохь юхахьа а долий, юха цунна хан яйъа, нисдан дезаш а нисло. Иштта ду кху дуьненан, дахаран Дала кхоьллина Iадат.
Дикачо диканиг а, дика доцучо шех тераниг а дохьуш хIинццалц схьаяьхкинчу заманан амалша бIаьргашна хьалха хIитточу суьрташа а ойланаш йойту. Диканиг дика а, вуониг вуон а дуйла хаарал совнаха, тахана хIора нохчичунна хаа дезара вайн хIора нохчичун, хIора нохчийн йишин, вешин машаречу дахаран мах.
Шортта вуонаш гиначу вайн махкахошна хаа дезара хIара машар, хIара машаре дахар вайна муьлхачу мехах кхаьчна. Кху некъа тIе довла гIерташ вайн нохчийн кIентийн мел цIий Iаьнна (Дала церан гIазот къобалдойла), мел нохчийн нанойн бIаьрхиш Iенна, маса йиша йилхина, маса дас тIе беанчу бохамна нохчичун собарх, йохьах ца воха гIерташ, легаш а, кийра а лазош, синкхетамера, дагчуьра хьала мел къурдаш дина. КъинтIера довлалаш махкахой, нохчийн, вайна тахана и дерриге а вайн къомо лайна Iазап, гIело тахана ваьш дуза дуьйладелча, вешан дахар, ярташ, гIаланаш тояла, цIинъяла йоьлча дицдала гIертий те, моьтту суна.
Дагадаийтийша дуьххьара вайн махкахь 15 шо хьалха Республикин Администраци кхоьллина де. Дала цуьнан гIазот къобалдойла, Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа кху мехкан куьйгалле хIоьттина де???!!!
Даржийна, дохийна, аьтта, адамийн сибаташкара дIа а даьхна, акхаройн йолу бакъонаш а йоцуш, кху лаьтта тIера хIора нохчи лаьллина хьийзочуьра схьа а ваьккхина, дуьххьара вай юха а адамаш ду, акхарой яц, вайн къам кху лаьтта тIехь кхин адамаш, кхин къаьмнаш а санна даха, лела, деладала, кху дахарх самукъадала бакъо йолуш ду, аьлла, дIакхайкхийна де, ма дара иза!
Ахьмад-Хьаьжа кху мехкан куьйгалле хIоттийначу шозлагIчу дийнахь цо телевизор чухула къамел деш хезча, Дала гечдойла, иза воцу а хIинца итт шо ду, тхан Дедас элира, бIаьргех хиш а оьхуш: «Дала юха а къинхетам би-кх вайн декъазчу къомах, кхул тIаьхьа а вай кхетта, даха ца хьовсахь хIун хир-м ца хаьа суна…», – аьлла. Вайна дагадогIу и шераш. Дуьне мел ду халонаша, баланаша даржорал совнаха, цхьанххьа а адамаш ду, аьлла, цхьана а къомо нохчийн къомах долу адам тIе ца лоцуш, зама яра иза. Гуонахарчу къаьмнаша, нохчийн къам кхин дуьненахь шен мохк а болуш, дехаш хир дац, аьлла, Нохчийн латта шайна дIасадекъа ойланаш ян дуьйладелла хан яра иза…
Цу хенахь Ахьмад-Хьаьжас дуьненна а дIакхайкхийнарг а дагадогIу вайна: «Сан къам кху дуьненахь а уггаре а дог цIена, уггаре а майра, уггаре а къинхетаме ду, хьекъале ду, тхо дац талорхой а, зуламхой а, …» – аьлла. Юха, Дала цуьнан гIазот къобалдойла, иза дуьнен чуьра дIаваьлча, Дуьненахь а уггаре а йоккхачех цхьаъ йолчу пачхьалкхан – Россин Президента В.Путина вайн къомах аьлларг а: «Кадыров Ахьмад-Хьаьжа санна болу къонахий схьабевллачу къоме сий, ларам ца хуьлуьйла дац…» – аьлла. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шен дахар дIа а луш, меттахIоттийра дуккха а шерашкахь вайн къомах бу бохуш цIе хиллачу цхьана наха, кхечу талорхошна, зуламхошна накъосталла а деш, вайн къоман яйъина хилла йолу сийлахь цIе. Ахьмад-Хьаьжас и цIе меттахIоттийра шен цIийца, шен дахар дIаделира цу баккъал а волчу нохчичо нохчичун сийлахь цIе юхаерзон, нохчийн къам дахийта, нохчийн къам кху лаьтта тIехь кхидолу адамаш санна, яккхий бакъонаш а йолуш, машаре дахар а долуш дебийта…
Ткъа тахана, тахана кхин ю Нохчийчоь! Тахана кхин ду Нохчийчоьнан аматаш. Тахана хиллачу тIемийн лар а ца йисинчу Нохчийчохь денна толуш, къегаш, хазлуш ду адамийн дахар, вайн къоман дахар! Тахана цу тIемийн сингаттаман ойланех лар а ца йисинчу Нохчийн нанойн сирлачу яххьаша шозза хазйинчу Нохчийчохь ца го цхьанхьара эвлайистера схьатоьхна шен хIусамна йоккхачу тоьпан хIоъ кхетарна, я зуламна догIучу кемано доьзална ракета тоьхна шен дог Iовжорах кхоьру доьзалан да – нохчи.
Тахана де а, я буьйса а доцуш, Делан а, кху вайн дерриге а Нохчийн къоман а дуьхьа хIора юьртана, хIора гIалина диканиг дан лууш лелачу Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана шен ницкъ кхочург а, ца кхочург а до Нохчийн Республика кху дерриге а дуьненахь уггаре а машаре, уггаре а ехаш, уггаре а ийман долу Республика хилийтарна тIехьажийна…
Ткъа вай?! Вай, вежарий, йижарий, вай хIун деш ду?! Тахана и хаттар хIораммо а ша-шега дан дезара, аьлла хета суна кху Нохчийчохь. Вай хIун до, вайга хIун дало вешан мехкан Куьйгалхочунна гIоьнна?!
Далла хьалха а, вайн мехкан Куьйгалхочунна хьалха а нийса ца хета цхьадолу вайн къома юкъахь юкъ-кара нислуш долу ледара, кIезиг хIуманаш, гIуллакхаш, лайн гIиллакхаш.
Цхьанхьа кхечу, вайн къомана уллехула а цхьа гIиллакх ца даьллачу, шен ворхIе ден а цкъа а бала ца хиллачу, хийрачу махка вахана тIом бан гIерташ цхьаъ хьийза. Схьавалавой хьехарш а дой, хьайн Делан а, пайхамарийн а дуьхьа хьайн деца, ненаца, царна оьшучунна тIехь накъосталла а деш, хьайна цхьа рицкъа а доккхуш вахахьара хьо, хьоьга хIун хIоьттина цигахула дIа а вахана вала гIерта, вахахьа хьайн Делан а, гергарчийн а, мехкан а дуьхьа, бохуш хьехарш а дой дIавохуьйту, юха шозлагIчу буьйсанна телевизор чохь гойтуш кхин а ледарниг долий схьаялайой кхин тоба хуьлу, цхьанхьа корта хьекъалх талхабо молханаш а дуий аркъал а бетталуш, шайх нах кхардош лелаш, юха иза дIадоьрззушехь интернетачухула дуьненна а хезаш цхьа ледара, кIезиг къамелаш деш кхин хуьлу…
Эхь ду иза, вежарий, йижарий! Уггаре а хьалха кху хIицца меттахIоьттина, хIара дерриге а дуьне Iадийна хиллачу шина тIамах чекх баьллачу вайн махках эхь ду иза. Кху махкахь кху мехкан хIора юьртан, ураман, ломан цIе ларъеш баьхначу вайн дайх эхь ду иза. Вайн нанойх, йижарех эхь ду иза, тIекхуьуш долчу вайн тIаьхьенах – берех эхь ду. Вайх цхьаьнгара цхьа ледарниг даьлча иза шегара даьлча санна холча хIуьттуш, цхьа диканиг даьлча цунах воккхавеш, шел а ирс долуш стаг ца хеташ, кху мехкан муьлххачу беранна тIера муьлхха а воккхачу стагана тIе кхаччалц церан гIуллакхаш деш, кху мехкан хIора хIусам, хIора гIала, хIора лам, гу хьоьстуш лелаш волчу вайн мехкан Куьйгалхочух эхь ду. Ойла ейша, денна хазлуш, толуш, цIанлуш вешан Даймохк а болуш, вайна стенна оьшу кхечу мехкашкара тIемаш, тIамо хIун до газа ду вай?!
Я сарралц цхьанхьа шен рицкъа а даьккхина, дегI хIоьттина, суьйранна шен дена-нанна я доьзална дуьхьал цIавогIуш волчу къонахчунна стенна оьшу стаг кхетамах галвоккху молханаш мийлар! Иза а дина, гучуваьлла шен нахана а, Далла а, махкана а хьалха юьхьIаьржа хIоьттина лелачул, шен дена-нанна хьалха хIоттар, суьйранна цIавахана церан суьйре дика еш, цаьрца къамел дар, церан хьехаршка ладогIар, я шена езачу йоIе вистхила хийисте вахар гIолехь дацара цунна, цхьанхьа адам ца лелачу а ваьлла, Iовдал воккху молханаш мелла хьера а ваьлла, ша вевзаш мел верг юьхьIаьржа хIотточул а. Дера ярий! Наггахь верг нисло цу нахана бан белхаш бац, дан гIуллакх дац, мокъалла лела, бохуш, ледара, декъаза къамелаш деш. Дан луучунна гIуллакх а ма карадо, лараме вежарий, йижарий, оьшучунна болх а карабо, ца луучунна иштта ледара лела бахьанаш а карадо. Бакъ ма дац декъаза хIуманаш мокъалла леладо бахар. И сакхт ду. Иза декъаза хIума ду, иштта долу къамел а ду декъаза.
Тахана Нохчийчохь санна, деша луучу берашна школаш, кхийолу дешаран заведенеш хир яц цхьанхьа а. Школашкахь хIоранна стол, хIоранна гIант, хIоранна оьшуш йолу книга хиларал совнаха, ярташкахь школашна генахь дехаш долчу берашна уьш дIасалелон автобусаш а цхьана ю вайн. Ткъа вай хIун деш ду? Ткъа вай хиллий цхьана дийнахь я цхьана сохьтехь вешан берашца цхьана а урокехь? Ца хилла, хилла хилча вайн берийн дахар, церан хуьлуш йолу мукъа хан кхин хир яра. Iуьйранна балха вогIуш наггахь цхьана школа хьалха бераш охьадиссон автобус сецча, и бераш цу тIера охьа диссалц хьо царна некъ буьтуш сецча гучудолу дерриге а. Беро охьадуссуш шен книгаш чохь йолу тоьрмиг ги а тосий, ларамаза тIе хIума ца хьакхаялийта, дуьххьара цу автобус чуьра шен телефон карахь йолу куьг арадоккху, ларбеш берг книгаш чохь йолу тIоьрмиг ца хуьлу, телефон хуьлу. Юха, оцу дийнна дийнахь, хьехархочун шена тIера тидам дIаболлушехь интернета чохь а хуьлу. Ткъа хIун ду цу чохь. Цу чохь хIумма а дац. Цу чохь цхьа есалла ю, цхьа гIенаш, я вайн къомана а я тIекхуьучу тIехьенна мел ца оьшург а. Цхьа а гIиллакх дац тахана интернета чохь, я гIуллакх. Кху дуьнено а шен цхьана Iедалан балхана иза лелош елахь, беккъа хаамаш бовзаран дуьхьа лелош елахь, ткъа бераша деккъа цхьана десачу йозанашна, цхьа а коьртачохь саццал кхетам боцу йозанаш дешарна, яздарна лелайо. Юха цу тIехь и еса хан йойъуш, цу чохь шаьш йоккхуш йолу хIора мIаьрго и эрна йойъуш йолу шайн дахаран хан юйла хаъал церан хьекъал а дац! Цхьа а чулацам болуш хIума ма дац цара цу чохь яздеш дерг а, я доьшург а. Бераша цу чохь боьшурш вайн нохчийн маттахь болу яздархой, я Iилманчаш я церан белхаш белахьара вай кхетар дара. Цара оьрсийн яздархой, Iилманчаш бешча оьрсийн маттахь ойла ян Iемар дара царна, нохчийн яздархой, Iилманчаш боьшуш хилча нохчийн маттахь ойла ян Iемар дара. Ткъа уьш а, я вуьйш а ца боьшучарна ойла ян Iемар дац. Ткъа ша ойла ян ца хууш долу адам кхана, хьалакхиъча, кху вайн юкъараллина хила ма-деззара накъост а хир дац. Интернет беккъа цхьа хьуна оьшучу хаамна, и хаам сихха дIасабахьа лелош болу гIирс бу кху дерриге а дуьнено а. Юха цул а хьалха яьккхина массо а къомо шайн берашна ойла ян диц ца далийта лелош книгаш а, газеташ а ду. Уьш дукхахдерш шайн ненан маттахь а ду. Цаьрга еш йолу ойла нийса, шайн маттахь яйтарна тIехьажийна лелош а ду иза коьрта долчунна. Ткъа бер нийса ойла еш хилар, шен, денна ша лелош болчу, денна боьшуш болчу маттахь ойла ян, дуьнене цу ойланца хьежа Iамар уггаре а хьалха вайна цу берийн дайшна, наношна оьшуш ду. Уьш вайн чу богIуш бу, вайн ярташка, кIошташка богIуш бу, хIора хIусамера бу. И бахьана долуш вайна вешан бераш нохчийн маттахь ойла ян Iамадар Iаламат мехала хиларал а совнаха, и гIуллакх вайн ерриге а юкъараллина оьшуш а, кхана, лама кхин а чIогIа оьшур долуш а ду. Вай Дала нохчий ду аьлла кхоьллина хилча, вешан мотт боллучу маттахь, цу меттан гIиллакхца, меттан йохьаца синкхетам а кхион безаш хилар, ца хилча ца долу Iадат а ду. Ша буьйцуш, шена гуонаха буьйцуш боллучу маттахь ойла еш доцчу адаман корта гуттар а шашега деш долчу хаттаршкахь, цхьана меттахь соцуш йоцчу ойланашкахь, муьлхха а харц беш болчу хьехамна тIетовжар атта нислуш, хуьлу. Иза кху дуьненан Iилмано тIеэцна бакъдерг а ду…
…Иштта долчу гIуллакхо кхана и бераш хьалакхиъча вайна диканиг а дохьур дац. Уьш вайн бераш ма ду, лараме вежарий, йижарий. Вайн кхане, вайн къоман кхане. Вай иштта кхиъна ма дацара! Масала, со пхоьалгIачу классехь доьшуш волуш а, ларамаза буй бича а, сан куьйгаш цIеш а туьйсуш хуьлур-кх, лаьттаца дукха болх барна этIа а этIий.
Лараме вежарий, йишарий, и гIуллакхаш а вайна вайн мехкан Куьйгалхочо хьеха дезаш ма дац. Цуьнан кхин а Iаламат дукха ма ду гIуллакхаш. Вайн юкъаралла тIаьхьарчу хенахь цуьнан тидам тIебахнарг сихха кхочуш а деш, иза ца кхуьуш дисинарг, иза ваьшна хьашт доцуш санна, тесна а дуьтуш, лелаш санна ма хетало. Дуьне мел ду дIаоьхуш дерш а вайн бераш, доьзалш ма бу, цхьа гIуллакх а доцуш интернетачухула ледара мел долу, кхин къаьмнаш вайх мел доьлун долу ледара хIуманаш яздеш дерш а вайн бераш ма ду. Тахана молханаш дууш, духкуш воллучунна дов деш я хьехарш деш мехкан Куьйгалхо хIунда хуьлу, и вешан дайн-нанойн декхар а цо шена тIе лаьцча вайна эхь хIунда ца хета, вай цуьнга хIунда кхочуьйту ишттаниг?! Вай вешан доьзалийн дола ваьш дича, цу нахана тIехь хан а ца йойъуш, мехкан Куьйгалхочо вайн махкана а, къомана а оьшуш долу кхин даккхий, вайга далун доцу гIуллакхаш дийр ма дара… Иза уггаре а хьалха вайн вешан гIуллакх ма ду. И бераш суьйранна вайн чу ма догIу, уьш хIора минотехь кхуьуш ма бу, хан дIа йоьдуш ю. Вай уггаре а хьалха, вешан Далла хьалха а, къомана хьалха а, Iедална хьалха а долу декхар кхочушдеш, царна нохчийн, вешан мехкан, вешан ненан маттахь, вешан нохчийн маттахь ойла ян Iамон дезара. Вайн маттахь, вайн нохчийн меттахь орамехь, меттан сица дан ма дац цхьана а тайпана гIиллакх цахилар, къизалла, харцо. Вайн мотт собарх, къинхетамах, гIиллакхах буьзна ма бу. Дала вайна дина совгIат ма ду вайн мотт. Вайн маттахь хIилланаш лела ма ца ло, вайн маттахь харцо ма ца йийцало, вайн маттахь шалхонаш ма ца лелало, кхин меттан дешнаш юкъа а ца кхуьйсуш. Ткъа вайн вешан бераш нохчийн мотт бийца Iаморал а совнаха, нохчийн маттахь ойла ян а Iамийча, вайчул а нуьцкъала, вайчул а гIиллакхе, вайчул а къинхетаме юкъаралла кху дуьненахь а хир ма яцара. Иза иштта хилийтаран Iалашонца хIора нохчийн нанас, дас шайн хIора хIусаме нохчийн маттахь йолу книга, газет, журнал дахьа ма дезара. Уьш хIора доьзалехь, хIора дийнахь хуьлуш хилча, иттаннах цхьана беро мукъана а, шен телефоне ток оьцуьйтучу юкъанна, ларамаза дешна а нохчийн маттахь, шен ненан маттахь долу йоза доьшур ма дара, юха и бер иштта книга, газет деша Iаморо вайн юкъараллина, вайн дерриге а къоман кханенна доккха накъосталла а, гIуллакх а дийр ма дара.
Нохчийн маттахь деша, юха тIаьхьо цу нохчийн маттахь ойла ян Iеминчу къоначун кху дуьнене болу хьежамаш а хир ма бара вайн маттах терра кIеда, мерза, къинхетаме, гIиллакхе, шеца цхьа а ледара, эрна аз а доцуш… Иза уггаре а хьалха вайна ма оьшу, дайшна, наношна, ярташна, кIотаршна, тIаккха ¬¬– махкана!
Дела реза хуьлда вайна массарна а.
Б.ШАМСУДИНОВ
№ 68, шот, 20 июнь, 2015 шо