Нохчийчохь жигара дӀахьош бу ГаланчӀожан кӀошт меттахӀотторан болх.

Хууш ма-хиллара, карарчу хенахь цига йуьгуш ток йу, дохуш некъаш ду, тохкуш тӀайш ду, меттахӀиттош бӀаьвнаш а, маьждигаш а ду, йохкуш йу бакъонаш ларйаран органийн белхахошна болх бан туьшаш, иштта, газ йигаран проект а йу чекхйаьлла.
Оцу балхана, баханчу оханан (апрель) баттахь, чӀогӀа тӀетаьӀнера цхьамогӀа кӀошташкара депутаташ — цара жигара дӀаболийна йарташ йахкаран а, церан дозанаш къасторан а болх.
Билггал аьлча, и болх Итон-Кхаьллан а, ТӀехьа-Мартан а, Эна-Хишкан а кӀошташкарчу депутаташа дӀахьош бу, хӀунда аьлча, ГаланчӀожан кӀоштара йарташ лаьттина дукхахдолу латтанаш, карарчу хенахь, оцу кӀошташна йукъадогӀуш долу дела:
➡️Итон-Кхаьллан кӀоштан Депутатийн кхеташонан сацамца а догӀуш, МоцкӀаран бахархошлахь дӀабаьхьна Кей а, Маьлхиста а, Гимар а, Никар а йарташ кхолларца боьзна хаттам (оханан 18-чу дийнахь);
➡️ТӀехьа-Мартан кӀоштан Депутатийн кхеташонан сацамца а догӀуш, ТӀехьа-Мартан бахархошлахь дӀабаьхьна Мержа йурт кхолларца боьзна хаттам (оханан 25-27-чуй деношкахь);
➡️Эна-Хишкан кӀоштан Депутатийн кхеташонан сацамца а догӀуш, Бумматан бахархошлахь дӀабаьхьна ЦӀеча-Аьхк а, Мужган а, Дака-Буха а йарташ кхолларца боьзна хаттам (оханан 29-чу дийнахь).
• Нохчийн Республикин Терминологин комиссин сацамца хӀинца а тӀеэцна цахиларе терра, лакхахь йалийначу йартийн цӀераш йазйар нийса ца хила тарло