Бахархоша а, латталелорхоша а жигара дакъалаца дезаш ду республикин сурсаташца йоьзна кхерамазалла лакхайаккхарехь.
Правительствоца ша дӀайаьхьначу кхеташонехь иштта дӀахьедар дина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
Оцу декъехь белхаш бар карарчу хенахь дӀахьош хилар хаийтира Нохчийн Республикин вице-премьера — Йуьртан бахаман министра Закриев ИбрахӀима.
Йалташ дӀадеран болх латталелорхоша а, бахархоша а карарчу беттан чаккхенехь чекхбоккхург хилар билгалдаьккхира цо.