Ӏедалан балансе йухадерзор ду бакъо йоццушехь доьхкина а, доладаьхна а хилла латтанаш.
И гӀуллакх кхочушдар Кадыров Рамзана тӀедиллина Нохчийн Республикин бахаман а, лаьттаца йолчу йукъаметтигийн а министрана Ибрагимов Турпал-Ӏелина.
Цул сов, хьалха Бахаман а, лаьттаца йолчу йукъаметтигийн а министран даржехь лаьттинарш и болх дӀабахьарехь йукъаозор а тӀедожийна цунна.
Правительствехь дӀайаьхьначу кхеташонехь билгалдаьлла иза.