Къилбаседе Кавказан хьалхарчу Имамах Шайх Мансурах лаьцна йоккхуш 2 фильм йу карарчу хенахь: исбаьхьаллин а, документальни а.
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Правительствоца дӀайаьхьначу кхеташонехь оцу хьокъехь хаам бина вице-премьера Умаров Джамбулата.
Цул сов, и белхаш карарчу шарахь дӀаберзо Ӏалашо хилар а, иштта, Нохчийн кхузаманахьлерчу пачхьалкхаллин 100 шо кхочуш хиларна лерина хилар а билгалдаьккхина цо.
Карарчу хенахь Москвахь къахьоьгуш бу оцу балхана йукъаозийна Нохчийчуьра а, Дагестанера а, Адыгейра а, кхечанхьара а говзанчаш.