Пачхьалкхаллин 100 шо кхачарна лерина — 380 сов мероприяти

Нохчийн кхузаманахьлерчу пачхьалкхаллин 100 шо кхочуш ду карарчу шарахь.

Оцу хиламна лерина мероприятеш кхолламан (январь) баттахь дуьйна дӀахьош йу.

Карарчу хенахь 380 сов мероприяти йу оцу белхан гурашкахь дӀайаьхьнарг.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Таймасханов ГӀаласа хаийтина и мероприятеш Нохчийчохь а, Россин регионашкахь а дӀайаьхьна хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: