Толаман денца доьзна НР-н Куьйгалхочун декъалдар

Хьомсара махкахой! Россехь билгалдоккхуш ду Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь Толам баьккхина 77 шо кхачар!

Вайн сийлахь-боккхачу мехкан исторехь баккъал а деза де ду иза. 1945-чу шеран хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь цIейаххана волчу советийн диктора Левитана шега дукха сатийсина кхаъ баьккхира. Толам баккхаран хьокъехь бара иза. Толаман ЦIен байракх къегира Рейхстагана тIехула. Фашистийн Германи кхоччуш эшна хилар гойтура цо.

СССР-на тIом кхайкхор нацистийн бале гIалат дара, КхоалгIа рейх йохоран йуьхь йара. Вайн дайн, дедайн ша саннарг кхин хир доцу хьуьнар а, доьналла а дара дерриге а дуьненарчу миллионаш, миллионаш маьршачу адамийн дахар хадийначу сийсазечу фашизмах паргIатдаьккхинарг. Толаман де вайн йистйоцчу мехкан халкъийн цхьааллин а, ницкъан а билгало йу.

Тахана цхьаболу мехкаш истори йуха йазйан гIерташ бу, оцу къизачу, дукха цIий Iенийначу тIамехь советийн салтийн маьIна лахдаларе сатуьйсуш, тоххарехь бахкабелла националистийн болам денбан лууш.

Цхьа а шеко йац и дан гIерташ берш оццу сийсазечу фашистски идеологина тIаьхьа баьзнарш хиларан. Амма иза эрна гIертар ду, хӀунда аьлча, вайн иэсехь йехаш йу вайн турпалхойн цIераш, вай дагахь латтадо церан доьналла, стогалла, хьуьнар. ТIекхуьучу тIаьхьенашна дуьйцу вайн турпалхойх лаьцна, Даймехкан бозуш цахилар лардарехь, толам гергабалорехь тылехь къахьегначарах лаьцна. Оха цкъа а тардолуьйтур дац церан цIераш йицйар.

Вайн дуккха а къаьмнийн, дуккха а динийн Россин бахархой даггара декъалбо ас Толаман Денца! Даггара лаьа шун могашалла, доьзалехь беркат лаьттийла, коьрта тIехула маьрша стигал хуьлийла!

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: