Нохчийн Республикин культурин министра Кадырова Ӏайшата керла киншка йовзийтина — «Кухня чеченского народа» аьлла йу иза.
Шен цӀарца кхеташ ма-хиллара, нохчийн кхачанаш а, даарш а кечдар оьрсийн маттахь хьоьхуш йу иза, хӀора а кхача, хӀора а даар нохчийн маттахь йолчу цӀарца а довзуьйтуш.
Министра билгалдаьккхина оцу киншкин автор дерриге а нохчийн халкъ хилар.
Иштта, иза иэцаран некъ а хьехна цо: 1) Нохчийн Республикин Музейн туька; 2) 89889002353 лоьмара тӀе тилпо тохар.