ТӀеман парадаца а, Йерригроссин «Лийрйоцу полк» акцица а билгалдаьккхира тахана Соьлжа-ГӀалахь Толаман де.
10 эзар сов бӀаьхочо а, 100 сов лерринчу технико а дакъалецира тӀеман парадехь.
Цигахь бакъонаш ларйаран мел йолчу органийн белхахой хилла ца Ӏаш, Нохчийн Республикин культурин министерствон кхоллараллийн тобанаш а йара.
Ткъа «Лийрйоцчу полкан» хьокъехь аьлча, куьйгаллехь Кадыров Рамзан а волуш, ламасте ма-дерззара, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцначу шайн гергарчеран суьрташца пачхьенан коьртачу урамашкахула бахара нах.
Билгалдоккху цуьнан гурашкахь 13 эзар сов вахархочо дакъалацар.