Хьомсара вежарий, йижарий! Таханлераниг Нохчийн Республикин бахархошна шатайпа де ду — тахана вай дагалоьцу нохчийн халкъан исторехь хиллачу бохамечу, къизачу берриге а хиламашкахь хIаллакьхилларш.
Нохчийн Республикин халкъийн иэсан а, лазаман а дийнахь вай боккха сий-ларам баран хьакъ дIало вайн дайн а, нанойн а доьналлина, стогаллина, къар ца луш, вуно йаккхий халонаш, эшамаш, зераш, къизаллаш ловш чекхбовларна. Историн бохамечу киртигашкахь бехк-гунахь доцуш кхелхиначарах, эшам хиллачарах, зенаш хиллачарах дегнаш лозу вайн.
Вайн халкъо дуккха а баланаш лайна: паччахьан Iедалан къизалла, Сталинан таIзарш, дуьненайукъарчу терроризмаца хилла тIом. 1944-чу шеран шийлачу чиллин баттахь нохчашна тIехь уггаре а йамарт зулам дира — махках а баьхна, Казахстанан а, Йуккъерчу Азин а мохо лоькхучу, паначу гIум-аренашка дIакхалхийра.
Махкахбаьхначарах доккхахдолу дакъа хIаллакьхилира цIерпоштнекъаца, даьхни дIасалелочу вагонаш чохь, мацаллий, миллий. Кхин а бIе эзар сов стаг кхелхира кхалхочу дIакхаьчначул тIаьхьа.
Инзаречу, къизачу хьелашкахь, хиламашкахь зударий, бераш, къаной хIаллакьхуьлура. Йарташ, кIотарш чIана йохура, хIаллакйора. Веза а, Сийлахь а Волчу АллахIан къинхетамца нохчийн халкъ къар ца делира. Иза вуно боккхачу балех, халонех хьалха делира.
Нохчийн Республикехь дехачу халкъийн зовкхан дуьхьа эгна къоман сийлахь кIентий а, йоIарий а даима вайн иэсехь лаьтта. Миллионаш адамийн дегнашкахь даиманна а даха дисина Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цуьнан бIанакъостийн а турпалаллин хьуьнар. Дуьненайукъарчу терроризмаца хиллачу къийсамехь уггаре а дезаниг — шайн дахар дIаделира цара.
Цара вайн республика ларйина ца Iаш, йерриге а Росси а йоьхна-йаьржина дIайолучуьра кӀелхьарайаьккхира.
Цара вайн республика ларйина ца Iаш, йерриге а Росси а йоьхна-йаьржина дIайолучуьра кӀелхьарайаьккхира.
Ахьмад-Хьаьжин ницкъ кхечира нохчийн халкъ цхьаьнатоха. Йукъарчу мостагIчунна дуьхьал цхьаьнатуьйхира цо халкъ, иза шена тIаьхьа а дигира машаре а, цIиндаларе а боьдучу чолхечу новкъа.
Россин уггаре а синтемечу а, кхерамзачу а, цхьанаэшшара сиха кхуьучу а субъектех цхьаъ йу тахана Нохчийн Республика. Дуьненайукъарчу терроризман букъасурт кагдина йеккъа цхьаъ бен йоцу регион а йу вайниг. Вай деккъа цхьаъ бен доцу халкъ ду вуно йоцачу хенахь республика йуха когIахIотто, хьалхачул хазйина, тоьлашха йина дIахIотто ницкъ кхаьчна долу. Уггаре а коьртаниг — вайн ницкъ кхаьчна талорхоша а, террористаша а аьшнаш бина хилла нохчийн халкъан сий-ларам, дика цIе меттахIотто.
ХIинца, Россина а, цуьнан халкъашна а хала йеанчу хенахь нохчий Даймохк ларбархойн хьалхарчу могIаршкахь турпалаллица пачхьалкхан хьашташ лардеш бу Донбассехь а, Украинехь а. Вайна хаьа и некъ мел чолхе бу. Делахь а, Даймахке болу безам а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин машаран а, зовкхан а хьокъехь йолчу идейша чIагIйина лаккхарчу тIегIанера патриотизм а бандерхошца бечу тIаме подразделенеш гIиттош болу коьрта ницкъ хилла дIахIоьттина. Вайх хIораннан а сийлахь декхар ду иза, и декхар дуьззина кхочуш а дийр ду.
Нохчийн Республикин халкъийн иэсан а, лазаман а дийнахь вай сагIанаш доху кхелхина махкахой дагалоьцуш, вовшашна къинтIера довлу, мовладаш доьшу, зуькарш до. Вайн сийлахь декхар ду оццул беза мах а луш вайн халкъаша динарг Iалашдар, лардар, кхиор.
Нохчийн Республикин исторехь хиллачу бохамечу берриге а хиламашкахь кхелхинчарах Веза-Воккхачо Шен къинхетам бойла! ДIайаханчу хенашкахь дийлийтина гIалаташ йуха ца дийлийта АллахIа хьекъал, кхетам лойла вайна!
Хьомсара вежарий, йижарий! Маьрша дехийла шу, доьзалшкахь ийман, беркат лаьттийла, ондда могашалла, кхиамаш хуьлда шун!