Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо тахана шен къаьсттина тидам Донбассерчу республикашна гӀо-накъосталла дарна тӀехьажийна белахь а, тесна дуьтуш дац цо Нохчийчуьрчу бахархошна гӀо-накъосталла дар а.
Цунна бӀаьрла масал ду хӀусамашца чолхе хьал долчу 26 доьзална селхана керла хӀусамаш йалар.
Кадыровн фондан чоьтах йина и хӀусамаш бахархошна мел оьшу хьелаш чохь а долуш, битаме йалийна уьйтеш а, ков-керташ а долуш йу.
Висаитовн (Соьлжа-ГӀала) а, Грозненски а, Хьалха-Мартан а, ТӀехьа-Мартан а, Шелан а, Курчалойн а, Гуьмсан а кӀошташкара бахархой бу уьш кхаьчнарш.