Йерригроссин «ZА МИР! ТРУД! МАЙ», «ZА МИР БЕЗ НАЦИЗМА» автопробеган дакъалацархой цӀабирзина.
Акци дӀайерзарна лерина даздаран гулам А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Сийлаллин Мемориалан комплексехь хилира.
Россис Украинехь тӀеман леррина операци дӀайахьар а, оцу операцехь нохчийн бӀаьхоша дакъалацар а къобалдарна лерина йара автопробег.
Цуьнан дакъалацархой хилира Пятигорскехь а, Дона-тӀерачу-Ростовехь а, Воронежехь а, Москвахь а, Севастополехь а, кхийолчу гӀаланашкахь а.