Белхан гӀуллакхца Казанехь йу НР-н культурин министр

Белхан гӀуллакхца Казанехь йу Нохчийн Республикин культурин министр Кадырова Ӏайшат.

Цигахь дӀахьочу (11-13-гӀий дд.) Нохчийн культурин деношкахь дакъалоцур ду цо.

Цул сов, ГӀезалойчу йаханчу нохчийн делегацин могӀарехь Нохчийн Республикин вице-премьер Б.Таймасханов а, Нохчийн Республикин туризман министр М.Байтазиев а ву.

Даздаран хьолехь тӀелецира уьш Казанан дуьненайукъарчу аэропортехь.

Цул тӀаьхьа ГӀезалойчоьнан Къоман библиотекехь хилира Кадырова Ӏайшат.

Цигахь цунна экскурси а йира, иштта, нохчийн а, гӀезалойн а йаздархойн киншкаш вовшийн дӀасайаларан гӀуллакх а айъира.

КхидӀа, меттигерчу журналистийн хаттаршна жоьпаш делира цо а, ГӀезалойчоьнан культурин министран заместитела Д.Натфуллина а.

РогӀерчу мероприятехь дакъалацар Казанан гуо а, Сурскан гӀаролан вал а бина 80 шо кхачарна леринчу даздаршкахь нисделира цуьнан.

Оцу даздаршкахь, шина республикина йукъара доттагӀаллин уьйраш чӀагӀйар а дуьйцуш, Кадырова Ӏайшатан цхьаьнакхетар хилира ГӀезалойчоьнан Президентаца Р.Миннихановца.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: