Могашалла Ӏалашйаран министерствон куьйгалле Лорсанов Сулейман хӀоттийна, ткъа хӀинццалц оцу даржехь къахьегна Байсултанов Идрис Нохчийн Республикин Куьйгалхочун социальни гӀуллакхашкахула хьехамча хӀоттийна.
Правительствехь дӀайаьхьначу кхеташонехь оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана.
Иштта, керла министр декъала а вира цо, шех тешийначу декъехь иза кхиамца чекхвериг хиларх ша тешна хилар а хоуьйтуш.
Цул сов, цунах лаьцна дуьйцуш, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира шена Сулейман вевза дуккха а шераш хилар а, иштта, оцу хена чохь цо ша воккха говзанча а, дика белхахо а хилар гайтина хилар а.