СССР-н турпалхочун М.Висаитовн иэсана лерина футболан турнир

Советийн Союзан Висаитов Мовлидан иэсана лерина футболехула турнир дӀайаьхьна Теркан кӀоштахь.

НР-н физически культурин а, спортан а министерствос кхочушйечу «Спорт — норма жизни» проектан гурашкахь дӀайаьхьна а, дахаран могашаллин кеп йаржорна лерина а йара иза.

И турнир Теркан кӀоштан спортан №2 йолчу ишколехь хӀора а шарахь дӀахьош хилар а билгалдоккху.

8 тоба дакъалоцуш а йолуш дӀайаьхьначу цуьнан жамӀаш иштта нисделла:
— 1-ра меттиг / «Гвардейское» тоба;
— 2-гӀа меттиг / «Мекен-Юрт» тоба;
— 3-гӀа меттиг / «Теркан Аз» тоба.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: