Пачхьенерчу коммунальни службашна керла техника эцна

Соьлжа-ГӀалин мэрин доларчу предприятешна леррина техника дӀайаларан болх дӀабаьхьна селхана.

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а дакъалецира цигахь.

Коммунальни службийн белхалошца шен хиллачу къамелехь цо баркалла элира царна, таханлера Соьлжа-ГӀала хаза а, цӀена а хилар цара бечу балхаца доьзна хиларна тӀе тидам а бохуьйтуш.

Керла техника «СУРСАД», «Теплоснабжение», «СУДМС», «Водоканал», «Зеленстрой» предприятешна дӀайелла.

Билгалдоккху царна кхаьчнарш некъаш шардаран а, цӀандаран а, нехаш дӀайахьаран а, латта ахкаран а, белхалой дӀасабигаран а, инженерин коммуникацеш лаьтта буха йахкаран а техника хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: