Кху деношкахь «Соьлжа-ГIалин доьзалшна а, берашна а социальни гIодаран» туьшахь дIадаьхьира «Веселые старты» спортан ловзарш. Цигахь дакъалоцуш яра берийн, «Чайка», «Ракета» командаш.
Берашна кечйинарг самукъане программа яра: цхьана кога тIехь кхийсавалар, буьрканаш карахь йолуш идар, кхийсалургаца кхийсадалар, иштта кхин а.
Берийн чIогIа самукъадаьллера. Шайн гIелдалар дицделла, хIора а командин дакъалацархо ша-ша хьалхавала гIерташ вара. Ловзарш дерзоле хьалха билгалъяьккхира тоьлла команда. ЖамI 6:4 долуш туьйлира «Ракета» берийн тоба.
З.ЛЕЧИЕВА
№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо