Республикин Премьер-министра Хучиев Муслима дӀайаьхьначу кхеташонехь дийцаре дина цемантйаккхаран завод кхитӀе а тойаран гӀуллакх.
Министрийн кабинетан куьйгалхочо билгалдаккхарехь, и завод кхитӀе а тойаро кхин а 150 белхан меттиг кхуллур йу.
И белхаш дӀабахьа федерацин бюджетера инфраструктурин кредит оьшу вайн республикина.
Билггал аьлча, оцу ахчанах йан лерина заводан хьашташна оьшшуш йолу ток йоккхур йолу объект.
Цул тӀахьа, лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, 150 белхан меттиг а кхуллур йу, иштта, шарахь йоккхучу цемантан барам 1,5 млн тоннин тӀегӀане а боккхур бу.