ӀЦЭ-н керла Президент декъалвина Кадыров Рамзана

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн Президентан дарже хӀотторца декъалвина Мухьаммад бен Зайед Аль Нахайан.

«Сайн воккхахволу ваша, Абу-Дабин тӀаьхьалуонан эла Мухьаммад бен Зайед Аль Нахайан, Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн Лаккхарчу федеральни кхеташонан сацамца а догӀуш, ӀЦЭ-н Президентан дарже хӀотторна чӀогӀа хазахетта ву со», — йаздина цо Telegram чуьрчу шен каналехь.

Иштта, ша Мухьаммад бен Зайед Аль Нахайан а, ӀЦЭ-н дерриге халкъ а декъалдина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана оцу маьӀнечу хиламца.
«ХӀора а шун гӀулч Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн дуьхьа а, беркате а хилийтар доьху оха Веза-Воккхачу Деле», — тӀетоьхна цо.

Цул сов, Росси а, ӀЦЭ-ш а, зӀенаш латтийна ца Ӏаш, вовшийн накъосталла деш йолу дуккха а шераш хиларна тӀе а тидам бахийтина Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.

«Вайн мехкийн а, халкъийн а, бусалбанийн умматан а дуьхьа кхидӀа а оцу декъехь вай къахьоьгург хилар дӀахаийта лаьа суна Шайх Мухьаммад бен Зайед Аль Нахайанна», — билгалдаьккхина цо.

Керлачу Президентана а, ӀЦЭ-н вежараллин халкъана а кхиар а, машар а, паргӀато а хилар шена лууш хилар а хоуьйтуш дерзийна Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана шен декъалдаран кост.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: