Украинехь болчу нохчийн буьйранчашна лерина арт-пен схьабиллина Соьлжа-ГӀалахь

Соьлжа-ГӀалахь схьабиллина Россис Украинехь дӀахьочу тӀеман лерринчу операцехь дакъалоцуш болчу нохчийн буьйранчашна лерина арт-пен.

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зӀенийн, зорбанан, хаамийн министерствон дӀадолор ду иза.

Нохчийн говзанчаша гӀо а деш, и болх бинарг Купалян Александр ву — «VS unio» арт-галерейн белхахо.

240 м² дӀалоцуш болчу оцу пена тӀехь нохчийн 8 буьйранча а, йуккъехь Нохчийчоьнан Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзан а ву.

Царна тӀехьа лаьмнаш ду, иштта, Россин а, Нохчийчоьнан а байракхаш а йу гуш.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: