Сочи а, Баку а, Екатеринбурге а лелар ду кеманаш

Карарчу беттан 27-чохь дуьйна «Соьлжа-ГӀала — Домодедово (Москва) — Соьлжа-ГӀала» маршрутехула «Уральские авиалинии» компанин кема лелар ду.

И авиамаршрут хӀора а дийнахь кема дӀасалелаш хир йу, Соьлжа-ГӀала кема схьакхачар 17 сахьт 40 минот йаьлча а нислуш, ткъа дӀадахар — 18 сахьт 40 минот йаьлча.

«Уральские авиалинии» компаница цхьаьнагӀуллакхдаран болх дӀаболийна хӀинца. ТӀебогӀучу беттан 10-чохь дуьйна «Соьлжа-ГӀала — Екатеринбург — Соьлжа-ГӀала» рейс схьайеллар а дийцина ду цуьнца. КӀиранах шозза кема дӀасадоьдуш рейс хир йолуш йу иза — оршотан а, йеарин а деношкахь. Соьлжа-ГӀала кема схьакхачар 16 сахьт 45 минот йаьлча хир ду, ткъа дӀадахар — 17 сахьт 45 минот йаьлча», — дийцина А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Соьлжа-ГӀалин дуьненайукъарчу аэропортан векалша.

Цул сов, «ЮТэйраца» а хилла рогӀера барт — Соьлжа-ГӀалара кеманаш Сочи а, Баку (Азербайджан) а лелар.

Оцу балхана лерина 2 маршрут хир йу: 1) «Сочи — Соьлжа-ГӀала — Баку»; 2) «Баку — Соьлжа-ГӀала — Сочи».

Рейсаш кӀиранах шозза (шинара, йеара) йеш хир йу: Сочера кема Соьлжа-ГӀала схьакхачар — 14:30, Соьлжа-ГӀалара кема Баку дӀадахар — 15:30, Бакура кема Соьлжа-ГӀала схьакхачар — 19:40, Соьлжа-ГӀала кема Соче дӀадахар — 20:40.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: