СадаӀаран муьрехь дешархошна ларбалар хьоьху МЧС-н белхахоша дӀахьочу акцин гурашкахь.
«Ас кхерамза дӀахьур йу аьхке» аьлла йолу иза ишколашкахь кхерамазаллин дарсаш дӀадахьарца йоьзна йу.
Дарсашкахь дешархошна хьоьху урамехь а, чохь а, Ӏаламехь а, хи чохь а ларбалар.
ТӀебогӀучу беттан 1-чохь билгалдоккхуш долу Бераш лардаран дуьненайукъара де тӀекхаччалц бийр бу акцин гурашкахь болх.