Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан а, Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн Президентан Шайх Мухьаммад бен Зайед Аль Нахайанан а тилпо чухула къамел хилла.

«Сайн вешица, Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн Президентаца Мухьаммад бен Зайед Аль Нахайанца тилпо чухула къамел хилла сан. Цуьнан воккхахволу ваша Хьалиф бен Зайед Аль Нахайан кхалхарца сайн а, нохчийн халкъан а цӀарах йуха а кадам бира ас. Иза кхалхар, шеко а йоцуш, оцу мехкан халкъана а, бусалбанийн умматна а боккха иэшам бу«, — йаздина Кадыров Рамзана.
Цо билгалдаккхарехь, Шайха баркалла элира цунна, шайн къамелашна ша гуттар а резахилар а хоуьйтуш.
Цул сов, Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхначу Эмиратийн Президентан дарже хӀотторца а декъалвина иза Нохчийчоьнан Куьйгалхочо.
«… Шен вешин гӀуллакх дӀадаьхьна ца Ӏаш, мохк кхиорехь иза лакхенашка кхочург хиларх тешна ву со«, — дерзийна Кадыров Рамзана шен хаамийн кост.