Лаха-Неврерчу полицин декъан хьашташна керла гӀишло йина.
200 м² майда дӀалоцуш йолу и гӀишло цхьа гӀат а долуш йу, шен бух блок-модулийн контейнершца а болуш.
Ша и гӀишло йарал сов, ков-керт а дина цигахь, иштта, уьйтӀе а, кетӀе а битаме йалийна.
Даздаран хьолехь иза схьайелларехь Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министра Алханов Руслана а дакъалецира.