«ХӀусамаш а, гӀалин хьелаш а» олучу къоман проектан гурашкахь 2023-чу шарахь тойийр йолу майданаш къасторан онлайн-кхажтасарехь карарчу беттан 31-гӀа де кхаччалц дакъалаца йиш йу республикин бахархойн.
Ша онлайн-кхажтасар za.gorodsreda.ru платформи тӀехь дӀахьош ду, 14 шарера мел ваьлларг дакъалаца йиш йолуш а волуш.
Нохчийчуьрчу кхажтасархойн кхиэле йиллина 40 сов йукъараллин майда Соьлжа-ГӀалахь а, Устрада-ГӀалахь а, иштта, Гуьмсан а, Шелан а, Курчалойн а, Хьалха-Мартан а, ТӀехьа-Мартан а кӀошташкахь тойан лерина йу.
ГӀишлошйаран а, хӀусамийн-коммунальни бахаман а министерствос билгалдаккхарехь, карарчу хенахь оцу кхажтасарехь дакъалаьцнарг республикин 54 эзар сов вахархо ву.