СадаIар пайдехь долчуьнца нисдеш

1375968290_708080_86

ГIирма Республикин берийн дешаран-садаIаран «Какаду» лагерехь садоIуш ду Нохчийн Республикера бераш. Кху деношкахь царна совгIат дина сочинени язъяран а, сурт дилларан а хиллачу конкурсехь толамаш бахарна. «Муха ваха лаьара суна» аьллачу номинацехь сочинени язъян дезара, ткъа сурт дилларан номинаци «Суна могаш вахаран некъ беза» аьлла яра. Цул сов,  спортан къийсадаларшкахь  дакъа лоцуш билгалбевллачарна а дира совгIаташ.

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон аьхкенан лагершкахь берашца кхетош-кхиоран белхаш баран программин гурашкахь дина гIуллакх дара иза, Къинхьегаман, социальни кхиоран министерствоца цхьаьна.

Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министран заместитела Амаева Мадинас ма-дийццара, садоIучу берашца болх бар министерствон белхан цхьа дакъа хилла дIахIоьттина. «Берийн доладар, церан могашалла Iалашъяран новкъахь къахьегар  тхан министерствон коьрта Iалашо ю. Берийн дешар, могашалла Iалашъярехь къахьегар вайн къомана кхана карор долуш ду. Диканиг дика дуй хаийтича, беро харц некъ ца хоржу, арара чу воун тIеIаткъам а ца бо», – элира цо.

Берашна даздаран хьолехь совгIаташ дIадала векал винчу берийн дешаран – садаIаран лагеран директора Касыгин Владимира баркалла элира Нохчийн Республикин лакхахь хьахийначу шина а министерствона. «ХIинццалц оцу лагерехь спортан, самукъадаккхаран, интеллектуальни агIор бен белхаш беш ца хиллехь, хIинца оцу берашца кхетош-кхиоран белхаш бар Iаламат мехала гIуллакх ду» – элира цо. Кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран гIоьнчас Гайраханов Мовлас министерствон Сийлаллин грамота елира  «Какаду»лагеран директорна.

«Аш гIодар бахьанехь оха тхайн болх лаккхарчу тIегIана тIехь бира. Тхуна доккха накъосталла хуьлу шу тхан белхан  Iалашонех кхеташ хилча», – элира М.Гайрахановс.

СадаьIна ца Iаш, берашна шайн могашаллина пайдехь дерг а девзира ГIирмерчу йолчу лагерехь.

З.ШАЛИЕВА

Архивера сурт

№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: