Имам Шемалан цӀарах а долуш, 600 меттигна лерина маьждиг схьадиллина Кенхихь

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо дайтина керла маьждиг схьадиллина тахана Шаран кӀоштарчу Кенхихь.

Нохчийн ламасталлин куц-кепехь дина долу иза Имам Шемалан цӀарах а долуш, 600 меттигна лерина ду.

Хьалхара Рузба а деш, мовлад а доьшуш, даздаран хьолехь иза схьаделларехь дакъалецира Къилбаседе-Кавказан ФО-чу Ӏеламнехан кхеташонан куьйгалхочо Кадыров Хож-Ахьмад-Хьаьжас а, Шаран кӀоштан куьйгалло а, кхийолчу кӀоштийн къеданаша а, меттигерчу бахархоша а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: