Нохчийчуьрчу ишколашкахь магош дац дешархой арахецаран гӀуллакхна ахчанаш гулдар.
И гӀуллакх вовшахтохар а, дӀадахьар а хӀора а ишколехь йолчу дай-нанойн йукъараллийн (комитетийн) тӀегӀанехь ду.
Дешаран урхаллийн а, хьукматийн а, дай-нанойн йукъараллийн а векалшца ша дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь билгалдаьккхина иза Нохчийн Республикин дешаран а, Ӏилманан а министра Дааев Хож-Баудис.