Республикехь тӀаьхьалуонна сурсатийн кхерамазалла кхолларан декъехь бахархоша а жигара дакъалоцу.
Шайн долара бошмаш дӀайерехь цара гойтучу тӀегӀанехь билгалдолу иза.
Билггал аьлча, республикин бахархойн долахь йолчу бошмийн барам 5 эзар га бу.
Царах цара хӀинцале а дӀайийначу бошмийн барам — 3,4 эзар га сов.
Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин вице-премьера — Йуьртан бахаман министра Закриев ИбрахӀима.