Акха жӀаьлеш берана тӀекхетар толлур ду

Соьлжа-ГӀаларчу Ӏ.Садаевн цӀарахчу урамехь берана акхачу жӀаьлеша тӀелатар дина хилла аьлла, социальни сеташкахь а, мессенджерашкахь а баржош хилла хаам таллар тӀедиллина республикин Прокуратуро.

«Нохчийн Республикин Прокуроран тӀедахкарш кхочушдарца а догӀуш, акха лелаш долу жӀаьлеш дӀалецаран болх дӀаболийна», — билгалдаьккхина ведомствехь.

Иштта, пачхьалкхан а, меттигерчу а Ӏедалша оцу декъера шайн декхарш кхочушдарца (йа цадарца) доьзна бахархошкара аьрзнаш Прокуратурин органаша схьаоьцуш хилар а хоуьйту цара.

Ткъа ша и гӀуллакх талларан хьокъехь аьлча, пачхьалкхан а, меттигерчу а Ӏедалан векалша акхачу жӀаьлешна тӀехь терго а, Ӏуналла а даран декъера шайн декхарш кхочушдарна мах хадор бу.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: