Карарчу шарахь 1 320 вахархо ХьаьжцӀа гӀур ву вайн махкара

Карарчу 2022-чу шарахь ХьаьжцӀа 1 320 стаг гӀур ву вайн республикера. Оцу хьокъехь хаам бина Нохчийчоьнан Муфтис Межиев Салахь-Хьаьжас.

Вайн мехкан Муфтиятан Хьаьждаран комитетехь кехаташ схьаэцар тахана дуьйна дӀадолийна.

Билгалдоккху Россин Федерацерчу хьаьжошна СаӀудийн Ӏаравин Ӏедало 11 318 меттиг йелла хилар.

Царах 1 320 меттиг, лакхахь хаийтина ма-хиллара, Нохчийн Республикина кхаьчна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: