Вайн махкахь жигара дӀахьош бу социальни маьӀне объекташ интернетана тӀетасаран болх.

Церан могӀарехь культурин а, могашалла Ӏалашйаран а, дешаран а, спортан а объекташ йу.
И гӀуллакх дийцаре дина НР-н транспортан а, зӀенан а министерствехь дӀадаьхьначу цхьаьнакхетарехь.
«РФ-н терахьийн экономика» къоман проектан гурашкара «Хаамийн инфраструктура» проект кхочушйарца доьзна дара иза.
Цигахь дакъалецира Транспортан а, зӀенан а, Могашалла Ӏалашйаран а министерствийн а, муниципалитетийн администрацийн а, шуьйрачу хаамийн гӀирсийн а векалша.
Оцу цхьаьнакхетарехь билгалделира 2022-чу шарахь 52 ФАП интернетана тӀетесна хилар.
Ткъа 2019-чу шарахь дуьйна лаьрча, интернетана тӀетеснарг 152 ФАП йу.
Ткъа 2019-чу шарахь дуьйна лаьрча, интернетана тӀетеснарг 152 ФАП йу.
Чаккхенехь дакъалацархошна йовзийтира «РФ-н терахьийн экономика» къоман проект НР-хь кхочушйар а, карарчу шеран Ӏалашонаш а.