Карбонан 2 полигон схьайиллина тахана республикехь

Тахана Веданан кӀоштахь а, Соьлжа-ГӀалахь а схьайиллина карбонан «Waycarbon» полигонан 2 кампус.

Хьалхарниг А-Хь.Кадыровн цӀарахчу Нохчийн пачхьалкхан университетан йу, ткъа шолгӀаниг — Соьлжа-ГӀалин пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан.

Уьш схьайелларехь дакъалецира Россин Президентан хьехамчас А.Эдельгериевс а, Россин Ӏилманан а, лаккхарчу дешаран а министра В.Фальковс а, кхечара а.

Цара билгалдаьккхира карбонан полигонаш схьайелларехь хьалхара йолчу Россин субъектийн могӀарехь Нохчийчоь а хилар.

• Карбонан полигонаш — климатехь хийцамаш хиларна Ӏаткъамечу параметрашна тӀехь терго а, тидам а латторан Ӏалашонца хьаннашкахь а, йуьртабахаман майданашкахь а хӀордийн йисташкахь а йохкуш йолу тергаман туьшаш

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: