Могашалла Ӏалашйаран министерствехь йийцаре йина Берийн стоматологин а, мочхалан патологин а туьшан проект.
Соьлжа-ГӀалахь йан лерина и туш Къилбаседе-Кавказан а, Къилбенан а ФО-хь а хьалхара хир йу.
Билггал аьлча, Республикин берийн стоматологин поликлиникин буха тӀехь кхолла лерина иза.
Оцу балхана оьшуш долу финансийн гӀо-накъосталла Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу Йукъараллин фондо шена тӀелаьцна.
ЙукъадогӀуш реанимацин а, реабилитацин а дакъош а долуш, 80 маьнга-меттигна лерина хир йу иза, болх барехь де-буьйса къестош а доцуш.