17–18-чуй июнехь Россин школийн дешархоша кхечу къаьмнийн меттанийн ЕГЭ дIаелла. ДIадаханчу шерашкахь санна а дукхах болчу дешархоша хаьржинарг ингалсан мотт бара.
Россин Федерацин 85 субъектехь 71 эзар дешархочо дIаелла ингалсан маттехула ЕГЭ.
Нохчийн Республикехь и экзамен барта дакъа дIадала дезаш хилларг 304 дешархо вара, царах ингалсан мотт 291 дешархочо хаьржира, немцойн мотт – 8 дешархочо, французийн мотт – 5 дешархочо.
Дагадаийта лаьа, хIокху 2015-чу шарахь кхечу къаьмнийн маттехула пачхьалкхан экзамен дIаяларан барта дакъа юкъадаьккхина хилар.
Дешархочун лааме хьаьжжина дуьту иза, лаахь йозанан, лаахь бартан кепехь дIало экзамен.
Ткъа и ший а дакъа кхачам боллуш дIалахь, 100 балл хIоттайо экзамен дIаеллачунна. Экзамен йозанан декъехь дIалахь, уггаре а лакхара 80 балл хуьлу, барта дIаелча – 20 балл.
Материал кечйинарг – З.ХИЗИРОВА
№ 69, шинара, 23 июнь, 2015 шо