Туризм кхиорна ахча кхочур долчу субъектийн могӀарехь Нохчийчоь а йу

Туризман декъерчу цхьамогӀа проекташна гӀо-накъосталла дар Ӏалашонехь а долуш, Россин Ӏедало 3,5 млрд ₽ билгалдаьккхина.

«Туризм а, хьошаллин индустри а» къоман проектан гурашкахь беш болх бу иза.

21 субъектана 1,2 млрд сов ₽ лур ду:
• хӀордийн а, Ӏаьмнийн а, хин а йисташкахь пляжийн майданаш кечйан;
• туризмана билгалонашца йолу маршруташ кхолла;
• туристашна лерина хаамийн туьшаш хӀитто.

22 субъектана 1,5 млрд сов ₽ лур ду:
• электронни некъгойтийлаш кхолла;
• заьӀапхошна туризмах пайдаэцаран хьелаш кхолла;
• хаамийн туьшашна гӀирсаш эца.

Керла кемпингаш а, автокемпингаш а кхолла 700 млн ₽ лур ду: Камчаткина, Адыгейна, Нохчийчоьнна, Краснодаран крайна, и.д.кх.а.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: