Чоьхьарчу гӀуллакхийн органашкахь къахьоьгуш а болуш, тӀеман хиламашкахь чевнаш хиллачу ветеранийн-заьӀапхойн социальни хьашташ кхочушдарна лерина цхьаьнакхетар дӀадаьхьира Соьлжа-ГӀалахь.
Цигахь дакъалецира НР-н вице-премьера Висмурадов Абузейда, Чоьхьарчу гӀуллакхийн министра Алханов Руслана, Адамийн бакъонийн векала Солтаев Мансура, Правительствон а, Прокуратурин а, муниципалитетийн а, иштта, тайп-тайпанчу учрежденийн а векалша.
Дакъалацархоша билгалдаьккхира оцу нехан социальни хьашташ кхочушдаран гӀуллакх Нохчийчоьнан Куьйгалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзанан лерринчу тергонехь хилар.
Цуьнца а догӀуш, ветеранашна-заьӀапхошна хьалха лаьтта халонаш а, церан социальни хьашташ а кхочушдарна тӀехь жигаралла а, эвсаралла а гойта йезаш хиларна тӀе тидам бахийтира цхьаьнакхетарехь.
Оцу декъехь къахьегарехь само а йеш, ветеранийн-заьӀапхойн мел долу социальни хьашташ кхочушдарна шаьш сихонца тӀедоьрзург хилар хаийтира гулбеллачара.