Банкаша Нохчийчохь бечу белхан хьокъехь дийцина Парламентехь

2021-чу шарахь банкаша Нохчийчохь бинчу белхан хьокъехь дийцина республикин Парламентехь.

Депутаташна доклад йира Нохчийн Республикин Къоман банкан куьйгалхочо Тамаев Ӏийсас.

Инфляцин динамиках а, финансийн рынках а, банкийн секторан кханенах а, финансашца доьзна бахархойн хаарш тӀедузарах а дийцира цо.

Шен къамелехь Парламентан спикера Даудов Мохьмада билгалдаьккхира банкийн сектор кхиаран гӀуллакх республикина маьӀне хилар.

Цул тӀаьхьа цхьамогӀа хаттарш дира депутаташа Къоман а, кхийолчу а банкийн а, кредитийн организацийн а векалшка.

Иштта, йуьртан бахамна а, совдегараллина а догӀуш долу гӀо-накъосталла бахархошна а, совдегаршна а довзийтаран декъехь къахьегар а тӀедиллира царна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: